ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сербхой дуьхьалбевлла Путинна а, Кадыровна а


Белградерчу оьрсийн векалтан цIенна хьалха дуьхьалонан акци вовшахтоьхнера Сербин жигархоша, Нохчийчоьнан Iедало хьийзочу гейшна тIехIуьттуш. Сербин, оьрсийн, ингалсан меттанашкахь "Кадыров а, Путин а набахте хьажаве", "ЛГБТ-н бакъонаш- адамийн бакъонаш ю", "Сацаде ЛГБТ-на ницкъбар" тIе язйинчу плакаташца арабевлла 20 демонстрацин декъашхой лаьттара векалтна хьалха, стелаIадан беснашкахь байракх буйнахь а латтош. Акцина тIехь терго латтош яра полици.

"Новая газетан" хаамашца, Нохчийчохь лецна латтош хилла 100 сов гей, тIехь ницкъ беш. Мел лаххара а, кхоъ вийна царех, дукхахберш махкал ара бовла некъаш лоьхуш бу.

Цхьа могIа адамийн бакъонашларъярхоша, масала, Human Rights Watch-о, бакъйира «Новая газетан» информаци. Нохчийчуьрчу Iедало бехкаш тIе ца лоцу.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG