«Росбалт» агенталло яздарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна вен Iалашонца кIело кечъярна бехкебечу нахана динчу таIзаран барам бовзуьйтур бу Стигалкъекъа-бутт бовш.
Уьш бу махкара бахархой: ЯмадаевгIеран хилла хадархо Альвиев Iазиз, «Восток» батальонан хилла тIемало Закараев Беслан а, цуьнан лулахо Магомадов Шамхан а. Берриг а бехк шайн хилар тIе а эцна цара.
Карарчу хенахь Нохчийчуьрчу Талламан комитето гIуллакх ма-дарра луьстуш бина белхаш берзийна.
Бехкебечара мукIарло дина, Кадыровна кIелоярна коьрта бехкениг Ямадаев Iийса ву аьлла.