ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхушара къаьсттина луьрачу хьелашкахь лур ю ЕГЭ


"Кавказан узел" агенталло хаттам бинчу лакхарчу классийн дешархоша дийцина, Чиллан-баттахь дуьйнна тIетаьIIина шаьш кечамаш беш хиларх пачхьалкхан экзаменашна. Экзаменаш дIаяларан низамаш кхушара къаьсттина луьра ду, оцу хьоло боккха тIеIаткъамбо аьлла, Соьлж-ГIаларчу цхьана школан дешархочо.

ХIинцале дIахьедина дешархошка, телефон я шпаргалка карахь хаалахь, экзаменна тIедуьтур дац аьлла.

Дахначу шарахь ша экзамен луш лайнарг дийцина «Кавказан узел» агенталлан корреспонденте Амина цIе йолчу дешархочо. "Экзамен дIалучу аудитори чохь тергамчаш бара тIехьоьжуш, школана гобина лаьтта полисхой, тхо цхьа къепе йохо кечделла зуламхой санна хетара царна" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG