ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"КъорIанах забар" яр дихкина Соьлжа-ГIалин кхело


Давыдов Ильян «КъорIанах забар» видеоролик экстремистийн лоручу материалех дуьзначу федералан тептаре яьккхина Нохчийчуьрчу Заводской кIоштан кхелан вердиктца. И хаам баржийна махкарчу юридикан министралло. «Сова» олучу информацин, аналитикан центро бан ца безаш а, бух боцуш а лерина и сацам.

Чиллан-баттахь Нохчийчуьрчу прокуратурано тIедожийнера КъорIанах лаьцна забаршца видео яьккхина, иза интернетехь яржорна блогерна Давыдов Ильяна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдар. Блогеро даредира, шена тIеIаткъам барх а, кхерамаш тийсарх а. Оцу бахьанашца Оьрсийчуьра дIавахара иза.

Давыдовн видео провокацин ю ала тарло, амма иза яржоро цхьа а кхерам ца бохьу аьлла хета «Сова» центрна. Цундела, нийса ца хета центрна блогерна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG