ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь юха а тутмакх вийна


ТIаьххьарчу кIиранчохь Iамеркехь байина тутмакхаш
ТIаьххьарчу кIиранчохь Iамеркехь байина тутмакхаш

ТIаьххьарчу кIиранчохь Iамеркан Арканзас штатехь вийнарг 4-гIа тутмакх ву. Иттех сов шо дара оцу кепара таIзар штатан Iедалша даза.

19 шо долу йоI йийна, луьрачу хьелашкахь набахтехь латточу 38 шо долчу Уильямс Кеннета вада аьтто а баьлла, кхи а ши адам дийна.

Адвокаташа чIагIдора, шайн жоьпахо могуш цахилар, делахь а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Лакхарчу кхело апелляци тIе ца ийцира, аьлла, хаамбо Би-би-си-но.

Гинчара дийцарехь, вуьйш маха тоьхначул тIаьхьа, Уильямс йовхарш а тоьхна, веттавала волавелира. Кхело байа кхайкхийначарна тIехIуьттучу адвокаташа чIагIдо, тутмакх вуьйш ечу инъекцино Iазап хьоьгуьйту велла дIаваллалц, бохуш.

Арканзас штатехь тIаьххьарчу хенахь бойучу нехан терахь лакхадалар дузу, стаг вуьйш пайдаоьцучу мидазолам препаратан хан карарчу беттан 30-чу дийнахь чекхйолуш хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG