ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу пхеа вахархочунна – Аздамиров Шемална а, Алиев Ризванна а, Исаев Ахьмадна а, Солталиев Ризванна а, Кариев Росанбекна а дуьхьал гIаттийна бехктакхаман гIуллакх теллина, дерзийна. Талламчаша чIагIдарехь, стохка бIаьста 138-чу КПП хьалха ша шен эккхийтар динчу, Джанаралиев Шемал кьртехь лаьттинчу тIемалойн тобанехь дакъалоцуш хилла аьлла, хIиттийнера уьш кхеле. Джанаралиевс динчу зуламо зенаш динера 6 полисхочунна.

Стохка Зазадоккхучу баттахь тIемалойн тобанах дIакхеттера бехкебийраш, Iедалан белхахошна а, полисхошна а тIелатарш дан Iалашонца.

Дахначу шеран Стигалкъекъ-беттан 9-чу дийнахь лоьмар 138 йолчу КПП декъанна тIелата сацам бинера цара, полисхошкара герз а доккхуш.

Амма масех де даьллачул тIаьхьа, тIелатар дан дуьхаьло йира лакхахь цIераш билгалъяьхначара, шайн синош кхоорхьама.

Амма чIагIо йира шайн хьалханчана Джанаралиевна, шаьш резахиларх, шайн дахарна кхерам боцчу зуламашкахь дакъалаца кийча хиларан.

Тоъал тоьшаллаш гулдина гIуллакх луьстучара, прокуроро бехк тIехь буьтуш тIаьхььара дош аьлла.

XS
SM
MD
LG