ТIекхочийла долу линкаш

Ставрополан кIоштахь гIалагIазкхи Науменко Николай а вийна, талламах ведда 31 шо долу Акаев Висхан Нохчийчохь лечкъина хилла. Талламан комитето ИАREGNUM агенталле бинчу хаамашца, карийначул тIаьхьа Ставрополан талламчийн кара дIа а велла, лаьцна латтош ву Акаев. 2012-чу шарахь цунна дуьхьал схьадиллина зуламан гIуллакх листа долийна.

ИАREGNUM-о хьалхо дийцаредира, Невинномысскерчу диско-бара хьалха уьрсан чевнаш йина, дарбан цIийне кхачийначу Науменкона дарба дан ницкъ ца кхечира лоьрийн.

Оцу бара хьалха евзачу йоIа кхайкхина веана хилла Акаев Висхан шен вешица. Хетарехь, гIалагIазкхичунна уьрсан чевнаш йинарг Акаев Висхан ву. Цуьнан ваша лецира зулам дина 4 бутт баьллачул тIаьхьа. ШолгIаниг лоьху 4 шо сов зама яра.

Невинномысскан бахархоша дуккха митингаш латиийра, Iедале тесна а ца дуьтуш, Науменко вер таллар доьхуш.

XS
SM
MD
LG