Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша Интерполе дехар дина, Нохчийчуьрчу тIамехь оьрсашна дуьхьал латтарна «Халкъан фронт» партин лидер Яценюк Арсений дуьненаюкъарчу лехамашка ло аьлла. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан прессано бина и хаам.
Оьрсийчоьнан талламчийн шеконаш ю, Соьлжа-ГIалахь боьдучу тIамехь Калашниковн автоматца Яценюка 30 оьрсийн эскархо вийна, 13 чевнаш йина аьлла.
2015-чу шарахь Талламан комитето, ша Нохчийчохь тIамехь хилла бохуш, чIагIдар, «иза бух боцу хIума ду», Оьрсийчоь «дискредитаци ян гIерта» шена аьллера Яценюка.