ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басманан кхеле арздина "Новая газетан" журналисташа


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра «Новая газетано» Нохчийчуьрчу гейшна тIехь Iазап латтадар Iорадаьккхинчул тIаьхьа, цхьана а кепара и гIуллакх талла долош цахиларан хьокъехь арз кхачийна жураналисташа Москохарчу Басманан кхеле. Кхелан прессано РБК агенталле бина и хаам.

Карарчу беттан хьалхарчу деношкахь газетано гейш байина бохуш яржийна информаци зен а ца зийна, аьлла бу динчу аьрзан коьрта чулацам.

Низамашца а догIуш, Бастрыкин декхар вара хаамаш зорбане бевллачул тIаьхьа иттех деношкахь талламаш дIабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG