ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бундестаг дуьхьал ю буркина


Reuters агенталло хаамбарца, дегI а, юьхь а дIахьулден бусулбачийн духар лелор доьхкуш низаман проект къобалйина Германин лахарчу палатано.

Цуьнца а догIуш, пачхьалкхан белхахошна а, кхелахошна а, тIеман структурийн белхахошна а магор дац белхан меттигехь, масала, бурка я никIаб лелон. ТIеэцначу низаман чулацамах кхетош, билгалдоккху, динца догIуш юьхь лачкъор бIостанехьа хилар демократин пачхьалкхашна гергахь.

Иштта, низамо тIедожадо зудчунна, юьхь еллар, нагахь санна полисхоша цхьана шеконашца иза сацийнехь.

Стохка ГIуран-баттахь Германин канцлера Меркел Ангелас йоллу юьхь къайлайоккху духар зударшна дехкар доьхуш кхайкхам бинчул тIаьхьа, дийцаредан долийнера и керла низам.

Нагахь санна, низам тIе а чIагIдина, лела долалахь, Франци, Белги, Нидердандаш, Болгари дIаяьлча, Германи 5-гIа пачхьалкх хир ю бурка, никIаб лело дихкинчу пачхьалкхашлахь, билгалдоккху Deutsche Welle зорбано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG