ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн Iедало даржашкара бохош бу нах


Шоьтадийнахь Туркойчоьнан Iедало балхара мукъаваьккхина 3900 стаг. Бу царлахь пачхьалкхан белхахой, тIеман даржашкахь хилларш, жандарамаш.

Туркойн официалан хьосатано Official Gazette хаамбо, балхара дIабаьхначарлахь 1100 сов юридикан министраллан белхахой, 480 ххьехархой, Iилман белхахой, 200 сов динан гIуллакхашкахула йолчу министраллан белхахой хиларх.

Хьалхо даржаш дитийтира 120 эзар гергга стаге, 40 лаьцнера.

Иштта шоьтадийнахь туркойн Iедалша Wikipedia онлайн-энциклопеди тIе боьлху некъаш бихкира шайн бахархошна. Хонкарна хетарехь, оцу ресурсан масех материалашкахь яздо, Туркойчоьнан терроран тобанашца уьйраш ю бохуш.

Стохка Туркойчохь Iедал карчо гIортор бахьанехь йолийна репрессин кампани хIинца а дIахьош ю. Президенто ЭрдохIан Реджепа зуламна кечамбарна бехкево оппозиционер, Iамеркехь веха Гюлен ФетхуллахI.

Евроберто а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а туркойн Iедало лелорийг харцо лору.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG