ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп: "Аш са ма гатде, вайн пен хир бу!"


Исламан террорхой-радикалаш Iамерке чу ца бахкийтархьама шен боллу ницкх тIехьажор бу iа аьлла, дIахьедина президенто Трамп Доналда.

"Бехкбоцчу Iамеркан бахархошна зуламе буьйлу нах тIелаца декхар дац тхо. Церан аьтто хир бац чубахка. Ас дIакхайкхадо, радикалан исламхой тхайн дозан тIе ца бита дагахь ду тхо», - аьлла Трампа.

Пенсилванерчу Гаррисбергехь йоьдучу митингехь шоьтадийнахь вистхилла Трамп, ша дарже хIоьттина 100 де кхачар билгалдоккхуш.

Цо бахарехь, дуьненна дуккха а Iаьнна цIий гина, 2001-чу шеран гурахь дуьйна Бостоне а, Сан-Бернардине а кхаччалца схьа. Трампа чIагIо йина низамаш лардан, хIунда аьлча, нелегалан мигранташа юьзна пачхьалкхаш, цара кхерам латтабо Iамеркахойн доьзалшна.

"Шун дехарш, эххар а схьахезна, аш са а ма гатде, вайн пен хир бу!"- аьлла, ша харжамаш хилале Iамеркана а, Мексикана юкъахь пен хьалабийр бу алар карла а доккхуш, къамел дина Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG