ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Конгрессан декъашхоша барт бина бюджетан хьокъехь


Iамеркан Конгрессехь шина а партин -республиканхойн а, демократийн а – барт хилла карарчу бюджетан шеран дисинчу декъан (Гезгмашин беттан 30-гIа де тIекхаччалц) хьокъехь.

Цул хьалха масийтта де дара конгрессменаша дебаташ дIакхоьхьу. Цхьаболчу эксперташа дIахьедора, нагахь церан барт ца хилахь «шатдаун» олу хьал хIуттур ду бохуш. Ткъа цу гIуллакхо ханна сацор бара Iедалан хьукматийн болх.

Юьйцучу бюджетан терахь ду 1 триллион доллар. ХIинца бина барт къобалбан безаш бу Конгрессан шина а чоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG