Петарбухехь Неван проспектехь полицино лецна «Кадыров ХIааге хьажаве!» бохуш, кхайкхам беш хилла масийтта стаг, хаам бо «Фонтанка» сайто.
Цо дийцарехь, демонстраце арабевллачу цу наха айина хилла ЛГБТ- юкъарлон байракх. И нах полице дIабигна.
Официалан хаамца, царна юкъахь хилла свастика тIехь йолу билгало а латийна акце араваьлла жима стаг а.