«Хьалхара май» даздеш болу демонстранташ тасабелла полицин белхахошца Истанбулехь. ГIалин юккъехь йолчу Таксим майдане кхача гIоьртина царах 200 гергга стаг. Хиллачу тасадаларехь масийтта стаг лазийна, иттанннаш лецна полицино.
Истанбулан мэрино дихкина ду дуккха а адамаша дакълоцу акцеш гIалин юккъехь дIаяхьар.
«Франс-пресс» агенталло бинчу хамца, акцин декъашхой гIоьртина Iедална дуьхьал кхайкхамаш тIехь болу плакаташ дIалаца. Уьш реза бац президентан ЭрдохIан Реджепан бакъонаш шорйеш конституцина тIехь хийцамаш барна.