ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаъ баларна гIуда тоьхна Нохчийчуьрча вахархочун Аштаркхнехь


Йоккхачу машенахь кира эцна воьду Нохчийчура пенсионер сацийна хилла Аштаркхнин кIоштахь. Цхьацца сурсаташ эцна Казахстане воьдуш хилла иза. Шегара копуста Iедалша кхайкхийначу санкцешна кIеллахь ю аьлла дозанхой дуьхьал бевлча, кхаанна ахча а делла, дIаваха гIоьртина пенсионер, хаам бо Астрахан24.ru сайто.

Нохчочо дозанхошка кховдийнарг хилла 10 000 сом. Амма кхелехь дохковаьлла иза ша динчунна. Эххаре а нохчийн пенсионерана гIуда тоьхна 12 000 сом. Ткъа цо кхаъ луш кховдийна ахча Iедалан доладаьккхина суьдо.

XS
SM
MD
LG