ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь вовшашна герз диттина кегийрхоша


Кегийрхоша вовшашна герз диттина ГIалгIайчохь Несаран кIоштахь. "Интерфакс-Юг" агенталло дийцарехь, дов даьлла леттачу кегийрхоша герзаш диттина вовшашна, цхьа стаг а лазош.

"Интерфакс-Юг" агенталлан хьостано дийцарехь, цуьнан фамили ю Яндиев. Иза дарбанан хIусаме кхачийна.

Полици толлуш ю хилларг. Цкъачунна хууш дерг ду цу нехан вовшашка хьалхе дуьйна цабезам хилла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG