ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

358 миллион берийн хьашташна делла Кадыровс


Аьхка дешархой берийн садоIийлашка бахийтархьама Нохчийчуьрчу Iедало 358 миллион сом къастийна. Луларчу Дагестанехь хьажийначул а шозза барам совхилар, нохчийн бераш доьлху садоIийлаш лакхара статус йолуш ду аьлла цигарчу Iедало.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Шелковск кIоштаррчу «СтелаIад» санаторий дахийтина 250 бер аьлла, къинхьегаман министраллан векало. Аьхкенан ханна садоIийлашка 18 эзар бер хьовсо лерина ду меттигера Iедал.

Дагестанан дешаран министро байначу баттахь дIахьедира, могашалла метта а хIоттош, кеп-кепарчу садоIийлашка 12 эзар бер дахийта Iалашо ю шайн, оццу гIуллакхна аьлла, билгалдаьккхина 67 миллион сом ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG