ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Роснефтана» ши лицензи елла Нохчийчохь газ яккха


«Роснедра» урхалло лицензеш елла «Роснефть» компанина Предгорнин а, Бамутан-Датыхан а олучу газ а, мехкадьтта а хила мегачу шина декъехь газ лаха а, яккха а бакъо луш.

«Роснефтан» зорбанан сервисо бинчу хаамца, и лицензеш ницкъ болуш хир ю 2042-чу шеран Охан-беттан 30 де тIекхаччалц.

Предгорнин олу газ а, мехкадьтта а хила мега дакъа ду Хьалха-Мартанан а, Соьлж-ГIалан а, Шелан а кIоштанийн территорешна тIехь. Ткъа Бамутан-Датыхан олу дакъа ду Хьалха-Мартанан а, Хьалха-Мартанан а кIоштанийн территорешна тIехь.

Хьалха хаам бина ма хиллара, «Роснефть» компанино толам баьккхира и ши дакъа духкучу аукционехь. Цу тайпа кхин ши дакъа эца аьтто белира Нохчийчуьрча «Чеченнефтехимпром» компанин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG