ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь кхерамазаллан зонанаш кхолларан план кечйина Оьрсийчоьно


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а,Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп а, Сочи, Стиг. 3, 2017

Шемахь 4 кхерамазаллан зона кхолла еза цигара конфликт дIаезо аьлла, план кечйина Оьрсийчоьно. Цунах лаьцна дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Туркойчоьнан президентаца ЭрдохIан Реджепаца Сочехь хиллачу дийцаршкахь, хаам бо «Коммерсанто».

Шинарин дийнахь и хаттар дийцаре динера Путина Iамеркан президентаца Трамп Доналдца.

«Коммерсанто» бинчу хаамца, «деэскалацин» зонанаш кхуллур ю Идлиб провинцехь а, ХIомс гIалана къилбаседехьа йолчу территори тIехь а, малхбалерчу Гутахь а, Шеман къилберчу кIошташкахь а.

Цу зонанашна юкъахь дихкина хир ду герз деттар, болх бан хьелаш кхуллур ду гуманитаран вовшахтохараллашна, юхаметтахIоттон йолор ю социалан инфраструктура.

«Деэскалацин» зонанийн дозанашкахула билгалонаш хIиттор ю вовшашца тIом беш йолу тобанаш дIасайохуш. Маьрша бахархой чекхбовлийта а, гуманитаран гIо дIакхачо а кхуллур ю блок-посташ. ТIеман конфликтан декъашхой дIасабохучу меттигашкахь дIахIиттор ду кхечу пачхьалкхийн эскарш.

И кхерамазаллан план кхочушъяр шайна тIелоцур ду Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а, ГIажарийчоь.

XS
SM
MD
LG