ТIекхочийла долу линкаш

Шемара кхерамазаллан план кхочушъяр шайна тIелаьцначу пачхьалкхаша - Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а, ГIажарийчоьно – кхерамазаллин зонанех лаьцна меморандум тIеэцна Астанахь хиллачу цхьанакхетарехь. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

Хьалхо еарийн дийнахь Шемахь 4 кхерамазаллан зона кхолла еза цигара конфликт дIаезо аьлла, Оьрсийчоьно план кечйина хиларх лаьцна хаам бира «Коеммарсанто». Цунах лаьцна дIакхайкхийнера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Туркойчоьнан президентаца ЭрдохIан Реджепаца Сочехь хиллачу дийцаршкахь.

Шинарин дийнахь и хаттар дийцаре динера Путина Iамеркан президентаца Трамп Доналдца.

«Коммерсанто» хаам бинера, «деэскалацин» зонанаш кхуллур ю аьлла Идлиб провинцехь а, ХIомс гIалана къилбаседехьа йолчу территори тIехь а, малхбалерчу Гутахь а, Шеман къилберчу кIошташкахь а.

Цу зонанашна юкъахь дихкина хир ду герз деттар, болх бан хьелаш кхуллур ду гуманитаран вовшахтохараллашна, юхаметтахIоттон йолор ю социалан инфраструктура.

«Деэскалацин» зонанийн дозанашкахула билгалонаш хIиттор ю вовшашца тIом беш йолу тобанаш дIасайохуш. Маьрша бахархой чекхбовлийта а, гуманитаран гIо дIакхачо а кхуллур ю блок-посташ. ТIеман конфликтан декъашхой дIасабохучу меттигашкахь дIахIиттор ду кхечу пачхьалкхийн эскарш.

XS
SM
MD
LG