ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8 шо долу кIант вийна Нохчийчохь некъахьовзамехь


Бохам хилла Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштахь. 57 шо долчу стага урхалла дон «Мерседес Бенц» машен тIетоьхна некъ хадош йоллучу зудчунна а, цуьнан шина берана а. И бахьана долуш 8 шо долу кIант хиллачу чевнех велла, цуьнан ваша а, нана а дарбанан хIусамехь ду.

Кхин цхьа некъахьовзам хилла Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь. «Оргтехника» олучу социйлана уллехь вовшахкхетта «ВАЗ-2107» а, «ПАЗ-32054» а. И бахьана долуш лазийна некъа йистехь лаьтта зуда а, ВАЗ машен чохь хилла некъахо кхин цхьа зуда а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG