ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тийна-таьIна Iен терроран тобанаш гучуяхарх дийцина Нохчийчуьрчу полисхоша


Нохчийчоьнехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша дийцина Russia Today телеканалана террорхойн тийна-таьIна Iаш йолу тобанаш гучуйохуш шаьш бечу балхах лаьцна.

Телеканало дийцарехь, республикерчу экстремизмана дуьхьало ечу Центрехь болх беш ю информаци яржор тидамехь латто леррина тоба. Цу тобан декъашхоша билагалйоху социалан машанашкахь шайн шеко йолу эккаунташ. Цул тIаьхьа уьш йолу нах шайх теша бо полицин белхахоша.

Наггахь цхьана шарахь а болх бан дезаш хуьлу цу тайпачу экстремистийн хила мега аьлла шеко йолчу тобанашна юкъахь, хаам бо Russia Today.

Оцу хена чохь гучудолу и стаг хаьнца уьйраш латтош ву а, цунна ахча луш верг мила ву а. ТIаккха, гучу а бохий, лоьцу и нах хаам бо Russia Today телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG