ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер лазорна таIзар дийр ду Соьлж-ГIаларчу берийн бешан белхахочунна


Нохчийн республикан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца, берийн бешахь бер лазийна хиларна таллам бина Соьлж-ГIалин Октябран кIоштан прокуратуро.

Нохчийчоьнан прокуратуро дийцарехь, корта лазийна и бер дIакхачийна хилла дарбанан хIусаме, хаам бо «kavtoday.ru сайто.

Гучудаьлларг ду берана чов хилла хилар, иза охьакхетар бахьана долуш. Покуратурина хетарехь, цунна бехке ву шен декхарш хьакъ ма ду кхочуш дина воцу берийн бешан белхахо. Цунна таIзар дийр долуш ду административан низам дохорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG