ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема тIаме воьду 50 гергга стаг сацийна Нохчийчохь тIаьхьарчу 4 баттахь


Кху шеран 4 баттахь Шема ваха дагахь араваьлла 50 гергга стаг сацийна Нохчийчохь, хаам бо REGNUM агенталло. Цо дийцарехь, берриг а и нах дагахь хилла Гергарчу Малхбалехь тIеман тобанех дIакхета.

Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло чIагIдарехь, карарчу хенахь 500 гергга Нохчийчура вахархо ву цу регионехь тIом беш.

REGNUM-о далочу терахьашца, тIаьхьарчу шерашкахь Шемахь а, Иракъехь тIаме вахана 700 сов Нохчийчура вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG