ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь нохчо лаьцна полицино


Еарийдийнахь дуьйна меттигерчу полицино лаьцна латтош ву 13 шарахь гергга Австрехь веха, 32 шо долу Абубакаров Аслан. Оьрсийчоьно цуьнан хьокъехь даийтина кехат бахьанехь таллам баллалц 48 сахьтана аьлла, сацийна нохчийн вахархо. Болчу хаамашца, пIераскандийнахь бартхаттам болийна кхелахоша кIентан.

Австрерчу вайнехан бахархоша кхайкхам баржийна социалан зIенашкахула, Оьрсийчоьнан харцонна дуьхьал митингашка арадовлар доьхуш.

Цкъачунна билггал хууш дац, хIун бехк дуьхьалбаьккхина Абубакаров Асланна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG