ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIаша емал вина вайнах Сибрех бахийтар бакъдеш волу "Ньюс пулан" администратор


Петербуржская газета" сайтан скриншот.
Петербуржская газета" сайтан скриншот.

Вуьйцург ву "Ньюс пул" медиа-хIолдинган администратор Плотников Сергей. Цу стага дIахьедар дина гIалгIай а, нохчий а махкахбахар дукха кIеда таIзар дара, Сталина дина долу, хаам бо «Кавказский узел» сайто.

И дIахьедар Плотниковс дина Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь журналистана Апалин Андрейна ша еллачу интервьюхь. Оцу деношкахь Сталин хестор доьхкуш низаман проект тIеэцнера ГIалгIайчоьнан депутаташа.

ГIалгIайчоьнан къамнийн юкъаметтигашкахула министраллан куьйгалхочо Евлоев Улана дехар дина Оьрсийчоьнан Инарлан прокуратуре Плотниковс динчу дIахьедаран мах хадабе аьлла.

"Петербургская газета" сайт тIехь зорабане яьккхинчу актиклехь Плотниковc боху "гIалгIаша баркаллаш баха деза Сталинна, цунна хIолламаш а хIиттош".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG