Нохчийчуьрчу орцаллан министраллан белхахошна омра дела вуно сема хила аьлла, Стигалкъекъа-баттахь даздарш дIахьочу деношкахь, хаам бо орцаллан министраллан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллан зорбанан сервисо.
Стигалкъекъа-беттан 5-чохь йолийна 10-чу кхаччалц лаьттар ю и раж. Коьрта тидам тIебохуьйтур болуш бу цIе ца ялийтарна. Цул сов вуно сема хила безаш бу орцанхой, цIеххьана хенахIоттамца доьзна кхераме хьал хIоттахь а аьлла.
Нохчийчохь хIора денна балха арраволу 1700 орцанхо. Царах 280 ву федералан орцаллан министраллан белхахо. Оьшуш меттиг нислахь и терахь алсамдаккха аьтто бу бохуш, хаам бо орцаллан министраллан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллан зорбанан сервисо.