Дуьненан ШолгIа тIом дагалоцучу эскарийн гайтамашна,бахархойн демонстрацешна кийча ю Нохчийчоь, дIахьедина мехкан полицин министран гIовсо Алаудинов Аптис. Гайтаман репетици а хIоттийра барамашна кечлучу полисхоша Соьлж-ГIаларчу «Нохчийчоьнан Дог» маьждигна уллехь кIирандийнахь.
3000 сов низамхо а, тIеман Iаморашкахь болу кегийрхой а бу Толаман Дийнан гайтаме арабохуш. 100 сов гIагIадиллина машен а, «Град» а, кеманаш, кхийолу теника а, дуккха а деза герзаш а хир ду гайтамехь дакъалоцуш.