ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггаре йоккха" аэродинамикан центр - Нохчийчохь


Махкахь йина йолуш лаьттачу «лерринчу ницкъийн бIаьхой Iамочу дуьненаюкъарчу центре» хьажа вахана Кадыров Рамзан.

«Дуьненахь уггаре йоккха, тоьлла йолу аэродинамикан комплекс гайтира суна Къоман Гвардин буьйранчин гIовсо Мартынов Даниила. 8 стаг чутарлуш аэродинамикан биргIа, дешаран чоьнаш хьовха, ресторан а тIехь ю цигахь», яздина шен инстаграмехь Кадыровс.

400 гектар ю комплексан керт. Герз тоха а, десантхошна хаарш совдаха а аьтто лур бу оцу тIеман объекто. Центран гIишлош лерина ю 500 стагна, цхьана хеначохь Iама таро ю 1000 низамхочун.

Iедалхоша дийцарехь, Оьрсийчуьра хилла Iа Iаш, Iаьрбийн мехкашкара а, Латинан Iамеркарчу пачхьалкхашкара а хир бу цига Iамо балораш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG