ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайхошна шен мекхдаьтта а, газ а тешийна Нохчийчоьно


Еххачу ханна юкъахь мехкдаьтта, газ леха а, маьIданаш талла а бартбина Нохчийчоьнан Iедало Китайрчу компаница, хаамбо Кадыров Рамзанан пресс-гIоьнчалло.

«Махканна вуно мехала сацам бу иза, китайхойн лаккхара хеделларг ду геологин зерашкахь", - аьлла, комментари елла талламийн «Грозный» клуберчу экономисто Абаев Рашида.

Цо бахарехь, маьIданех пайдаэцар эвсардаьккхина дац Нохчийчохь, оцу бахьанийца церан ресурс кхачийна ларало. Китайхойн гIоьнца и болх тIегIанех лакхабаккха беза, боху Абаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG