ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулатиповс - дербентхошка: Шу халкъ ду?!


Деношкахь Дербенте веъначу Дагестанан куьйгалхочуьнца Абдулатипов Рамазанца къамеле бовла гIоьртина гIалара бахархой, ткъа цо цаьрга ла а ца доьгIна, аьлла видео яржийна республикерчу "Черновик" газето.

Видеон чулацам иштта бу. Массех вахархочо доьху Абдулатиповга «халкъе вистхилар».

Мехкан ден жоп:

- Шу халкъ ду? ХIун дийца дохку шу?

- ХIусамех лаьцна? – боху наха.

-Дийр дац, меттанаш кIамбеш Iа шу кхузахь! – къамел хададо куьйгалхочо.

Иштта ду видеохь къаьсташ доцу къамел «Черновико» бечу хаамца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG