ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школин дешархочо дарж дита боху Медведевга


18 шо долчу Томскерчу школан дешархочо Чайковский Сергейс кехат даржийна ТВ2 телекомпанин сайтехула Медведев Дмийтрийга Оьрсийчоьнан Министрийн Кабинетан куьйгаллера валар доьхуш.

Шен дIахьедарехь Чайковскийс боху, коррупци толлучу Навальный Алексейн фондо довзийтинчу зераша ша ташийна Медведевс коррупци лелош хила тарлуш дуйла. Цундела доьху кIанта Талламан комитете бакъдерг листар.

Оппозиционеро Навальныйс а, цуьнан гоно а шайн «Иза шуна Димон вац» цIе йолчу филмехь тоьшаллаш даладо Медведев Дмитрийс коммерцехь йоцчу фондашкахула а, шена тешамечу нахехула а дола гIишлош яьхна хиларх. Оцу талламан лорах Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь бутт хьалха хIиттира протестан гуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG