ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбург: Муртазалиева Зараъ набахтехь латторна бехке яц Оьрсийчоь


Сихха хаам. Европан кхеланна ца карийна Оьрсийчоьно Муртазалиева Зараъна духьал харцояр. Иштта даржийна Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сайтехула.

2005-чу шарахь 9 шо хан кхайкхийра Москох институтехь доьшучу Муртазалиевана набахтехь яккха шахьаран кхело, бехкейира иза эккхийтар дан кечлуш хиларна. Дов хоттучу муьрехь йоI юхаелира ша хьалхо талламчашна динчу дарех. Хан текхна а яьлла, 2012-чу шарахь Франце яха дIаяхара Муртазалиева.

Иза бехказа набахте хьажийна хиларх аьрзнаш дуккха а дира бакъоларъярхоша а, Нохчийчоьнан куьйгалхоша а, амма мукъа ца яьккхира набахтера - кIера ца хилла аьлла дара далийна бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG