ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Полковник Петренко Евгений" вуьйш гайтина ДАIИШ-о


«Исламан пачхьалкх» шех олучу террорхойн тобано видео арахецна «Оьрсийчуьра полковник» вуьйш гойтуш. Цунах лаьцна дуьйцу динан сайтийн тергоечу SITE Intelligence Group-о.

Оьрсийн маттахь къамел дечу «полковнико»боху ша Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисера ву, 2016-чу шарахь Иракъехь а, Шемахь болхбан волавелла. Цул тIаьхьа гойту цу стагна, «полковникна Петренко Евгенийна», логах урс хьокхуш.

Видео тергоне эцначу SITE -на хетарехь, сурт даIишхойн карахь йолчу Ракка провинцера ду. Ткъа Reuters-о билгалдоккху видео мел бакъ ю, гойтушверг мила ву къасто аьтто боцуш дисар.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло цкъачунна комментари ца йина видеох лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG