ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохкачул шозза кIезиг бу нах Москох демонстрацехь


Москох Толаман Денна лерина схьабиллинчу «Йицъянза полк» боламан коьртехь вара президент Путин Владимир.

Шен ден, тIемалочун-ветеранан Путин Владимир Спиридоновичан сурт а карахь вара Оьрсийчоьнан куьйгалхо. Иштта, стохка а, лурчаха а дакъалецира цо оцу акцехь.

«Йицъянза полк» болам болош, 7 сахьтанна дIакъевлина Москох центрехь 10 урам. Ах миллион гергга стаг араваьлла гуламе, метрон «Динамо» станцера «Тверская» станце кхаччалц деха ду ЦIечу Майданна боьлхучу боламхойн кочар. Массеран а санна карахь ду гергарчу ветеранийн суьрташ.

ТIеман гайтам бирзина ЦIечу Майданахь. 10 эзар эскархо а, 114 тIеман еза техника а яра декъаялийна. Iаламан хIоттам кеманашна кхераме хиларна, авиаци яцара дакъалоцуш.

Таханлерачуьнца дуьстича, стохка «Йицъянза полк» боламехь дакъалоцуш шозза сов адам дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG