ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказе а кхечи беби-бокс


Къилбаседа ХIиричуьрчу парламентан депутаташ догреза бу махкахь беби-боксаш хIиттон.

Амма кавказан менталитетца дуьстича, кхеташ дац, меттигерчу бахархоша и муха тIеоьцур ду.

Бакъду, тIаьххьарчу шерашкахь бераш дIакхуьйсурш цхьа наггахь бен бацахь а, ша и проблема йийцаза юьтийла дац.

Цхьаболчара бераш дуьненчу дохучу хIусамашкахь дитахь а, вукхара шайна гучуьра дIадевлчхьана, мичча а охьатосу, бераш дойуш меттигаш а хуьлу.

Стохка аьхка Дигоран кIоштарчу Николаевн эвларчу 36 шо долчу яхархочо шен бер садукъийна, дийнера. Ткъа кIира даьллачул тIаьхьа оцу зудчун 14 а, 15 а шераш долчу шина кIанта, цIенна бухарчу лармичохь беран дакъа карийча, бешахь ор а даьккхина, дIадоьллинера.

"2013-чу шарахь 15 шо долчу йоьIан бер 500 эзар соьмах дохка гIоьртинера»

Массарна а хууш ду, бераш духкуш меттигаш а нислуш хиларх. Масала, республикерчу бераш дуьнечу дохучу хIусамехь шаьш лоьраша духкуш хиллера, наноша дIатийсина бераш, доьзалхо воцучарна.

ДагадогIу, 2013-чу шарахь 15 шо долчу йоьIан хIинцца дуьненчу даьлла бер дохка гIоьртира 500 эзар соьмах, ткъа 2010-чу шарахь схьалуччух (10 эзар соьмах).

Къаьсттина дIатуьйсу наноша цхьацца цамгаршца дуьненчу дуьйлу бераш. Уьш берийн Iуналла дечу хIусамашка кхачадо, наггахь бен ца хIуьтту доьзалхо воцу дай-наной иштачу берийн доладан.

Социалан политикан, могашаллин, ветеранийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Базаев Вииталийс даредо, ца оьшуш дуьнечу дуьйлу бераш каяьллаче охьакхуьйсуш меттигаш хиларан.

Ткъа Базаевна дуьхьал ву эсер Кучиев Гарий. Шишанаш дIаоьцучу пунктах тера хета цунна, беби-бокс. "Шишанаш схьаоьцу пункташ къевлина ю, делахь ю схьайоьллуш бераш схьаоьцу меттигаш" боху Кучиевс.

Ткъа вице-спикерна Кесаев Станиславна хетарехь, башха йоккха юкъ яц Голландехь велосипедаш дIахIиттийначу меттигна а, беби-боксашна а юкъахь: цхьаммо дIахIоттайо велосипед, шен гIуллакх ма хилли, важа тIе а воьдий, велосипед схьа а оьций, шен гIуллакхе дIавоьду.

Амма, хьаъа а, хIуъа а бахахь а, хIирийн юкъараллехь кхетамца тIеийцира и хаам.

"Ша бераш хьалакхиочу зудчуьнга а, берана оьшург латто таро йоцчу зудчуьнга а социуман хьажам муха бу хууш ма ду вайна, - карладоккху Бури-ГIаларчу яхархочо Абаева Никас. – Оцу цакхетамо йоккху зуда-нана харцахьачу, зуламе новкъа".

Цунна тIетов къона нана Харчилава Екатерина а. "Ша дуьненчу даьккхина шен бер нанас дуьйш меттигаш Iиттало-кх юкъараллехь, цундела и беби-боксаш берашна доккха совгIат хир ду» боху цо.

ХIетте а, шеконаш юьсу цаьргахь, берана тIе куьг хьочуьра да-нана оцу некъаша совцор ду аьлча. "Шена цаоьшу адам новкъара даккхархьама хIуъа а дийр ду, шен сица къизалла йолчо", боху цара.

Харчилава Екатеринас хьоьху, тилкхаза яьллачохь шен бер дIатесначу нанна, цхьа хан яьлча, ДНК тест а йина, шен бер юхадерзо бакъо хилийта езар.

"Шен доьзалхо кхерамна кIел вуьту наной хир бацара аьлла хетачу дегайовхонца кхуллуш ю и бэби-боксаш"

Цкъачунна къачо йоллуш къаьстина даьлла дац, муха хир ю и беби-боксаш, стенгахь дIахIиттор ю уьш. Парламенте дIакхачийначу низаман проект тIехь яздо "Шен берана тIе нанас куьг даьхьина меттигаш а кIезиг хилийта, шен доьзалхо кхерамна кIел вуьту наной а хир бацар-кх аьллачу дегайовхонца кхуллуш ю и бэби-боксаш".

2011-чу шарахь хIоттийна Оьрсийчохь дуьххатар беби-бокс. 30 сов бер дитинера цу чохь наноша. Официалан долчу терахьашца, юккъерачу барамехь аьлча, цхьана шерачохь 100 сов бер наноша дуьйш меттигаш нисло.

Къаьсттина беби-боксашна дуьхьало йо берийн бакъонаш Ιалашъеш хиллачу адвоката Астахов Павела а, сенаторо Мизулина Еленас а.

XS
SM
MD
LG