ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ларамза яьллачу тапчано йийна Iели-Юьртара кхаа беран нана


Теркйистерчу бахархоша бечу хаамца, шинарийдийнан делкъехь ЧIуьлга-Юьртарчу кафехь ларамза полисхочун тапча ялар бахьана долуш, чов а хилла, елла Iели-Юьртара Шахмаева Неби, йисина, децIахь ехаш хилла кхаа беран нана.

Iели-Юьртахь тезета гулбеллачу нахе Iедало дакъа цкъачунна дIа ца доллийтина, кхин цкъа а зуда яларан бахьана талла деза аьлла.

Бохамах дерг алссам зуьйш ву Маршо Радион корреспондент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG