ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Палласерчу жамаIатна" кхелйина Ростовхь


Ростоврчу тIеман кхело сацам кхайкхийна «Палласерчу жамаIатан» 5 декъашхочунна дуьхьал.

Уьш бехкебина Шема хьовсо, ДАIИШ-ан могIаршкахь тIемаш бан нах лехьош хиларна.

Волгоградерчу Палласан къоштахь бусалбанаш Шема хьовсо кечбеш и тоба хилар къайлахчу сервисна гучудаьлла 2016-чу шарахь, хаамбо Волгоградерчу ФСБ-н пресс-гIоьнчалло.

Иштта, лелхийтарш дан кечлуш а хилла и пхи стаг, боху оццу хьостано.

Раджабов Р., Куркумгалиев А., Абдурасулов Г., Ахетов Н.,Умаров И. аьлла бовзуьйту «жамаIатхой». Царна кхело хенаш тоьхна 2 шарера 4 шаре кхаччалц.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG