ТIекхочийла долу линкаш

Маршо Радионо хьалхо бинчу хаамашца, карарчу беттан 4-чу дийнахь Австрин полицино лаьцнера 13 шарахь шен махахь веха 32 шо долу нохчо, 4 беран да Абубакаров Аслан.

Оьрсийчоьнан Iедало латкьаман кехат даийтина Австрин Iедале, Абубакаров террорхо а ву, шун пачхьалкхана кхераме а ву аьлла.

Оццу ларашца туьтмIаьжгаш йоьхна баьхкинчу полисхоша маьркIажа хенахь лаьцна шен хIусамера дIавигинера Аслан.

Ши буьйса чохь яккхийтинчул тIаьхьа, ша вехачу 13 шарахь шайн пачхьалкхана цо дина зен цахилар тидаме а эцна, маьрша ваьккхира лаьцнарг, цуьнан хьокъехь кхело талламаш дIа а баьхьна, шен сацам баллалц, хIора кIиранах полицин декъе тIевар тIе а дожош.

Маршо Радиоца зIене ваьллачу Абубакаров Аслана дуьйцу Оьрсийчоьно шега кхийдочу бехках а, 13 шо хьалха Нохчийчуьрчу Iедало дай баьхна мохк дIатосучу хьоле ша ваккхарх а, шен мухIажираллех а, шен шеконех а, сатийсамех а.

XS
SM
MD
LG