ТIекхочийла долу линкаш

«Нохчийчоьнан Дагна» гергахь азанна тIаьхьара угIу жIаьла – интернетан хьаша


Соьлж-ГIалара дукха хан йоццуш яьржинчу видеочохь жIаьла ду мехкан коьртачу маьждигна уллехь, азанца шен аз а далош, угIуш. Интернетхой цецбоху жIаьлин «мукъам» азанца богIуш хиларо.

Хаски-пхьуно леррина ла а доьгIуш, оьшучохь лагI а тIехь бо шен «узам».

РогIехь оцу видеох дуьйцучу «Комсомольская правдано» хаьттина Къилбаседа Кавказерчу динан дайх волчу Бнрдиев ИсмаьIал-Хьаьжига, дино муха туьду жIаьло азанца шен аз далор, аьлла.

«Дино вон ца лору иза. Шена хезашдерг иштта тIеэцна-кх жIаьло. Азанна тIаьхьа аз далош лаьтта и жIаьла наха эккха ца дина – иза нийса а ду», - жоп делла Iеламчас.

XS
SM
MD
LG