ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Федотов реза ву Нохчийчуьрчу Iедаланний, бахархойнний юкъаметтигашна


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен инстаграм-агIонтIехь дIахьедина, президентан гонера адамийн бакъонийн тергоечу кхеташонан хьалханчас Федотов Михаила хастийна мохк, аьлла.

Экономикехь, социалан агIонашкахь баккхий кхиамаш баьхна Нохчийчоьно, аьлла хета Федотовна. «Михаил Александровича хастийна махкара адамийн бакъонаш тергалъен хьукмат а» – яздо Кадыровс.

Хьалхо цо хаийтира Нохчийчуьра Iедал кийча дуйла федералан структурашна махкахь сексуалан ламастехь боцчу нехан бакъонаш муьлхачу хьелашкахь ю талла аьтто бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG