Лондоно некъ лоьху Нохчийчуьра ЛГБТ-юкъаралла кхерамзаллехь хилийта, аьлла Британин премьер-министро Мэй Терезас, хаамбо The Independent-о.
Нохчийчохь гомосексуалаш хьийзош бу аьлла хезичхьана Британи саготта юйла хаийтина шаьш Оьрсийчуьрчу шайн векалтехула, аьлла Мэйс.
Адамна цхьана а кепара тIеIаткъам бойла дац цуьнан сексуалан кхетам хуьйцуш, регинерчу ЛГБТ-гонийн кхерамзалла муха чIагIйойла ду толлуш ду, боху Британин куьйгалхочо.
Гомосексуалех мохк Мархин бутт болабалале цIанбан гIерта республикера Iедал, дIахьедира Британерчу консервативан партин декъашхочо, пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Дункан Алана ткъеха де хьалха.