ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн язданхоша - Адамийн бакъонийн комиссаран Лакхарчу Урхалле


Нохчийчоьнан яздархойн юкъаралло адамийн бакъонийн комиссаран Лакхарчу Урхалле дIахьедар дахьийтина, цкъа а ца хиллачу кепара информацин, психологин тIеIаткъам бо Нохчийчоьнна а, цуьнан халкъна а Малхбалерчу политикаша а, хаамийн гIирсаша а, аьлла.

Кехатехь яздархоша боху, «махкахь бахархойн цкъа а гIуллакх деана дац ЛГБТ-н юкъараллица».

«Тхо бухара нах ду, хаьа кхузахь долучух а, доцчух а. Цундела дIахьедо, Нохчийчоьно гомосексуалисташца харцо лелайо бохург бух боцуш ду. Цецдуьйлу цхьаццаболчу Iедалан векалша а, депутаташа а шайн къамелашкахь бухбоцург дуьйцуш. Иза а ду адамийн бакъонаш талхор. Оха доьху мохк сийсазбеш яржийна кампани сацор», - боху дIахьедарехь яздархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG