ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина дихкина нахана йоцу цIе интернетехь лело


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира интернетехь анониман цIе лелор а доьхкуш, хаамийн хьастех терайогIу сервисаш низаме ялорах омра арахецна.

Ах шо хан къастийна Iедална зорбанан а, электронан а хаамийн гIирсаш цхьана бакъонашка яха.

Иштта, омрано некъ боьхку «жоьпалла а, таIзар а доцуш», нахана социалан машанашкахь анонимехула интернетах пайдаэца.

ГIадужу беттан 1-ра де тIекхачале Iедалхой декхаребо омрано Оьрсийчоьнан хьукматийн куьйгалхой Iедалан информаци шифрашца Iалашъян а, кибератакех а, интернетехула хуьлучу кхечу зенах а пачхьалкхан инфраструктураш кIелхьарайоху система кхолла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG