ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс дехча а дIа ца хецна Лефортовора Делимханов Адаман салардархой


Оьрсийчоьнан Талламан комитето бовзийтина Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волчу Делимханов Адаман салардархошна дуьхьал ша айдинчу девнан чулацам.

Уьш бехке бо бизнесхочуьнгара дуккха а ахча даккха гIортарна.

Нохчийчуьрчу полисхоша Ахмаев СаIида а, Болотбаев Лечас а 100 миллион сом охьадилла декхаревеш хилла бизнесхо Жуков Константин.

Тобанехь стагера ницкъаша ахча даккха гIортарх йолу бехктакхаман кодексан артиклца кхеле велла Лефортоворчу изоляторехь кхобу ши полисхо. Иштта, девна юкъаозийна ву кхин цхьа бизнесхо Катков Евгений а, ГIалгIайчоьнан ши вахархо а.

Прессехь яьржина верси иштта ю. Совдегаршна Жуковний, Катковний юкъа финансашца доьзна дов доьлла, туристийн фирма а, типографи а къуьйсуш. Катковс гIо а дехна, цуьнан агIолоцуш, Жуковгара ахча даккха гIиртина Ахмаев а, Болатбаев а, церан накъостий а.

Иштта даккхина бизнесхочуьнгара цо шен куьйга ша дIалур ду 100 миллион сом аьлла яздина кехат-тоьшалла. Амма Жуковс арз дарца дIаяьхьначу операцехь лаьцна низамхоша Нохчийчуьра ши полисхо а, цаьрца цхьана кхин а массех стаг а.

Лефортовора полисхой арабахар дехна ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс а тIехь, амма талламчаша ца магийна дехар кхочушдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG