ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан гIайгIанех дуьйцур ду Брюсселерчу конференцехь


Оршоьтадийнахь, кху беттан 15-чохь, Брюсселехь конференци дIахьош ю Оьрсийчоьной, Нохчийн Ичкерия Республикой машаран барт хIоттийна ткъа шо кхачарна лерина. И хаам бина Маршо Радионе Ичкерин дозанал арахьарчу векало.

Конференци кхайкхийна махкал арахь тховкIелонехь долчу Ичкерин Iедало а, Белгерчу Pax Christi юкъаралло а, Европарламентан депутаташа а.

1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь машаран берта буха куьйгаш яздира Москох президенташа Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а. Оьрсийчоьно де-юре нохчийн суверенитет къобалъяр дара и барт хIоттор, аьлла хета ичкерихошна тахана а.

Конференцехь дийцаредийр ду Нохчийчуьра таханлера хьал а, мохк кризисера боккху некъаш а.

Маршо Радионо а, "Кавказ.Реалиино" а трансляци хьор ю конференцера оршоьтадийнахь. Иза гойла хир ду Фейсбукан агIонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG