«Говорит Москва» радиостанцин эфирехь Европерчу журналисташка шайн махкахь гейш лаха, царех долу бакъдерг талла дуьйла, аьлла Нохчийчоьнан журналистийн юкъараллан лидеро Вахидов Iилмана.
Меттигерчу коллегаша гIо а дийр ду арахьарчу журналисташна маьршша махкара хьал зен, Нохчийчохь гомосексуалисташ хьийзош бу я бац хаа, бохура цо.
Хьалхо Нохчийчуьрчу журналисташа дIахьедар хьажийра дуьненаюкъарчу журналистийн федерацин куьйгалхочуьнга. Малхбузерчу политикашка кхайкхам бахьара Нохчийчоьнна тIе йоцу цIе ма кхолла алий, доьхура цара Ляруш Филипе.