КIиранан буса Киевехь йирзина эшарийн Евровидени-2017 конкурс. Финале кхаьчначу 26 къовсамхошлахь тоьлла Португалера Собрал Сальвадор. 758 балл яьккхира цо.
ШолгIа меттиг баьккхинчу Болгарерчу Костов Кристианна белира 615 балл. Молдоверчу
Sunstroke Project тобанна кхечира 3-гIа меттиг (374 балла).
Меттигерчу украинахойн О.Torvald тобанна белира 24-гIа меттиг.
Толам баьккхинчу Португалехь дIахьор ю Евровидение 2018-чу шарахь.