ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Palais de l'Élysée: Макрона дIаийци Олландера президентан дарж


Макрон Эмманюэла Францин президентан дарж караэцна. Тажтиллар дIадаьхьира Елисейн ГIопехь (Palais de l'Élysée). Барамна къастийна 20-30 минот хиллехь а, сахьтехь сов бахбелира иза.

Кхерамзалла Iалашъеш, тIеоьзнера Париже 1,5 эзар полисхо а, жандарм а.

Шена го къастош, Францин керлачу президенто цкъачунна даржашка ваьккхинарг ву 4 стаг. Елисейн ГIопан инарла секретар хи рву 44 шо долу Строд Патрик. Дипломатин хьехамча – 61 шо кхаьчна Этьен Филипп, лерига хьехамча – 30 шо долу Эмельян Исмаэль. Хаам бинарг ю Reuters.

Оршоьтадийнахь билгалвоккхур ву Макрона премьер-министр. Шинарийдийнахь йохур ю керлачу министрийн цIерш.

КIира хьалха шеца шолгIачу гонехь къовсалуш хилла «Къоман партин» лидер Ле Пен Мартин а эшош (66,1%), туьйлира харжамашкахь Макрон Эмманюэл.

Харжамаш бирзича, ша махкара юкъаралла цхьана берта а ялор ю, «Европанна гIортор а йийр ю», элира Макрона. Кху аьхка парламентан харжамаш хир бу пачхьалкхехь, керлачу парламентхоша къастор бу керлачу президентна политикан некъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG